Добавил:
Upload Опубликованный материал нарушает ваши авторские права? Сообщите нам.
Вуз: Предмет: Файл:
Ц1ердешнийн легарш - Вагапов 1арби.doc
Скачиваний:
178
Добавлен:
22.03.2015
Размер:
92.67 Кб
Скачать

Вагапов Iарби

НОХЧИЙН МЕТТАН ЦIЕРДЕШНИЙН ЛЕГАРШ

Нохчийн меттан коьрта дожарийн цIерш а, хаттарш а иштта ду:

ЦIерниг мила? хIун?

Дōланиг хьенан? стенан?

Лург хьанна? стенна?

Дийриг хьан? стен?

Кōьчалниг хьаьнца? стенца?

Хотталург хьаннах? стенах?

Меттигниг хьаьнга? стенга?

Дустург хьаннал? стенал?

Муьлхха а цIердош легорхьама, хьалха дожарийн хаттарш хаа деза. Уьш Iамо гIодо лахахь ялийначу байто. Эшаран мукъамехь дагахь Iамае и.

Дожарийн хаттарш Iамон байт

Мила ву? ХIун ю? – легōвāла.

Хьēнан, стēнан сурт ду, āла.

Хьанна, стенна ду вай рēза?

Хьан, стен вайна гIо дан дēза?

Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу?

Хьаннах, стенах лаьцна дуьйцу?

Хьаьнга, стенга хьовсур ду?

Хьаннал, стенал гIōле ду?

Масалā:

Мила ву? ХIун ю? – легōвāла (кор – кораш ду)

Хьенан, стенан сурт ду, āла (коран – корийн сурт ду)

Хьанна, стенна ду вай рēза? (корана – корашна ду вай рēза)

Хьан, стен вайна гIо дан дēза? (коро – кораша гIо дан дēза)

Хьаьнца, стенца меттиг хуьйцу? (кораца – корашца меттиг хуьйцу)

Хьаннах, стенах лаьцна дуьйцу? (корах – корех лаьцна дуьйцу)

Хьаьнга, стенга хьовсур ду? (коре – корашка хьовсур ду)

Хьаннал, стенал гIоле ду? (корал – корел гIоле ду)

Билгалдаккхар-1. Байтин ритм ца талхо, и нийса еша хаа деза.

Цу тIе а доьгIна, кхузахь:

а) цIерниг дожарехь милву? хIу-йу? алар нийса догIу ритмехь, ткъа милаву? хIу-йу? аьлла юккъера «а» мел кIезга а хазийтаро стихан куц талхадо;

б) дийриг дожарехь хьа-стиē? аьлла, цхьа дош санна дешахь, нийса хуьлу, ткъа хьа? сте? аьлла шина даша юккъехь соцунгIа (пауза) яхь, ритм телха;

в) леговала бохург лēго хIотта, лēго дIаволало бохург ду, лелий вáла, меттахвáла, саттий вáла бохурш санна. Цуьнан транскрипци иштта ю [лиēгуōвāла].

Билгалдаккхар-2. Дагахь Iамае БАКЪЕ: Доланиг, Хотталург, Дустург дожаршкахь дукхаллин терахьан чаккхенгахь цкъа а «ш» ца хуьлу. Корийн, корех, корел меттана ала мегар дац корашан, корашах, корашал, мотт дика ца хуучара тахана олуш долу.

ЛЕГАРШ

Таханлерчу ишколийн программица нохчийн меттан цIердешнийн 4 (диъ) легар ду. Уьш къастадо цIердешнийн цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь йолчу чаккхенашца:

I. Хьалхара легарехь лору -ца чаккхе йолу цIердешнаш

II. ШолгIа легарехь лору -нца, -рца чаккхенаш йолу цIердешнаш

III. КхоалгIа легарехь лору -ица чаккхе йолу цIердешнаш

IV. ДоьалгIа легарехь лору -чуьнца чаккхе йолу цIердешнаш

Хьалхара легар

ЦI. ø -аш

Дл. -ан -ийн

Л. -на -ашна

Др. -о -аша

К. -ца -ашца

Х. -ах -ех

М. -е -ашка

Дс. -ал -ел

ЦI. котам котам-аш

Дл. котам-ан котам-ийн

Л. котам-на котам-ашна

Др. котамкотам-аша

К. котам-ца котам-ашца

Х. котам-ах котам-ех

М. котамкотам-ашка

Дс. котам-ал котам-ел

Шолгiа легар

а)

ЦI. ø -наш

Дл. -нан -нийн

Л. -нна -нашна

Др. -но -наша

К. -нца -нашца

Х. -нах -нех

М. -не -нашка

Дс. -нал -нел

ЦI. йоза йоза-наш

Дл. йоза-нан йоза-нийн

Л. йоза-нна йоза-нашна

Др. йоза-но йоза-наша

К. йоза-нца йоза-нашца

Х. йоза-нах йоза-нех

М. йоза-не йоза-нашка

Дс. йоза-нал йоза-нел

б)

ЦI. ø -арш

Дл. -аран -арийн

Л. -арна -аршна

Др. -аро -арша

К. -арца -аршца

Х. -арх -арех

М. -аре -аршка

Дс. -арал -арел

б)

ЦI. наьI наьI-арш

Дл. наьI-аран наьI-арийн

Л. наьI-арна наьI-аршна

Др. наьI-аро наьI-арша

К. наьI-арца наьI-аршца

Х. наьI-арх наьI-арех

М. наьI-аре наьI-аршка

Дс. наьI-арал наьI-арел

Кхоалгiа легар

КхоалгIа легарехь ларало цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь -ица чаккхе йолу цIердешнаш. Масала: баба – бабица, дада – дадица, деца – децица, неца – нецица, йиша – йишица, ваша – вешица, шича – шичица, маьхча – маьхчица, бāжа – бāжица, къēда – къēдица; мача – мачица, жайна – жайница, жIала – жIалица, хьакха – хьакхица. КхоалгIа легаран чаккхенаш а масех вариант йолуш ю.

1)

ЦI. -а -аш

Дл. -ин -ийн

Л. -ина -ашна

Др. -о -аша

К. -ица -ашца

Х. -ех -ех

М. -ига -ашка

Дс. -ел -ел

ЦI. мач-а мач-аш

Дл. мач-ин мач-ийн

Л. мач-ина мач-ашна

Др. мач-о мач-аша

К. мач-ица мач-ашца

Х. мач-ех мач-ех

М. мач-ига мач-ашка

Дс. мач-ел мач-ел

2)

ЦI. -а -еш

Дл -ин -ийн

Л. -ина -ешна

Др. -о -еша

К. -ица -ешца

Х. -ех -ех

М. -ига -ешка

Дс. -ел -ел

ЦI. жIал-а жIал-еш

Дл жIал-ин жIал-ийн

Л. жIал-ина жIал-ешна

Др. жIал-о жIал-еша

К. жIал-ица жIал-ешца

Х. жIал-ех жIал-ех

М. жIал-ига жIал-ешка

Дс. жIал-ел жIал-ел

3)

ЦI. -а -арчий хьакх-а хьакх-арчий

Дл -ин -арчийн хьакх-ин хьакх-арчийн

Л. -ина -арчашна хьакх-ина хьакх-арчашна

Др. -о -арчаша хьакх-о хьакх-арчаша

К. -ица -арчашца хьакх-ица хьакх-арчашца

Х. -ех -арчех хьакх-ех хьакх-арчех

М. -ига //-е -арчашка хьакх-ига // -е хьакх-арчашка

Дс. -ел -арчел хьакх-ел хьакх-арчел

4)

ЦI. -а -ар баб-а баб-ар

Дл -ин -еран баб-ин баб-еран

Л. -ина -арна баб-ина баб-арна

Др. -ас -ара баб-ас баб-ара

К. -ица -аьрца баб-ица баб-аьрца

Х. -ех -арах баб-ех баб-арах

М. -ига -аьрга баб-ига баб-аьрга

Дс. -ел -арел баб-ел баб-арел

Иштта легало дада, деца, неца боху дешнаш а. Тидаме эца, цхьадолу адам билгалдечу дешан Дийриг Дожарехь чаккхе -ас хилар.

5)

ЦI. -а -арий ваш-а веж-арий

Дл -ин -ерийн веш-ин веж-арийн

Л. -ина -аршна веш-ина веж-аршна

Др. -ас -арша ваш-ас веж-арша

К. -ица -аршца веш-ица веж-аршца

Х. -ех -арех веш-ех веж-арех

М. -ига -аьршка веш-ига веж-аршка

Дс. -ел -арел веш-ел веж-арел

Иштта легало йиша боху дош а.