Добавил:
Upload Опубликованный материал нарушает ваши авторские права? Сообщите нам.
Вуз: Предмет: Файл:
Ц1ердешнийн легарш - Вагапов 1арби.doc
Скачиваний:
178
Добавлен:
22.03.2015
Размер:
92.67 Кб
Скачать

Доьалгiа легар

ДоьалгIа легарехь ларало цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь -чуьнца чаккхе йолу цIердешнаш. Уьш массо а адам билгалден дешнаш ду. Шайн хIоттаме дилча дукха хьолахь цера , -ло, я -хо суффикс хуьлу, масала:

  1. нохчи, гуьржи, маьлхи, муьжги, салти, суьйли, Iарби;

  2. белхало, гIашло, дошло, поштло, тIемло;

  3. белгIато, гаьндаргно, зумсо, цIонтаро, цIечо, чIинхо, энгано, немцо, корейцо, турко, курдо, эрмало;

  4. дешархо, зуламхо, иччархо, суьдхо, таллархо, теркахо, хехо, юьртхо.

  5. цу юкъа догIу цхьадолу суффиксаш йоцу дешнаш а: бере, зуда, сте, десте, къонах, доттагI, майра, мостагI и д.кх.

ЦI. -и -ий ЦI. нохч-и нохч-ий

Дл. -ичуьн ийн Дл. нохч-ичуьн нохч-ийн

Л. -ичунна -ашна Л. нохч-ичунна нохч-ашна

Др. -ичо -аша Др. нохч-ичо нохч-аша

К. -ичуьнца -ашца К. нохч-ичуьнца нохч-ашца

Х. -ичух -ех Х. нохч-ичух нохч-ех

М. -ичуьнга -ашка М. нохч-ичуьнга нохч-ашка

Дс. -ичул -ел Дс. нохч-ичул нохч-ел

ЦI. -й белхало белхалой

Дл -чуьн -ийн белхалочуьн белхалойн

Л. -чунна -шна белхалочунна белхалошна

Др. -ичо -ша белахалочо белхалоша

К. -чуьнца -шца белхалочуьнца белхалошца

Х. -ичух -йх белхалочух белхалойх

М. -чуьнга -шка белхалочуьнга белхалошка

Дс. -чул -йл белхалочул белхалойл

Нохчийн цIердешнийн дукхаллин терахьан 20 сов чаккхе ю, цундела дукхаллин терахьан чаккхенашка дилча, легаран варианташ йиъ хилла ца Iаш, вуно дукха нисло вайн маттахь.

Цул сов орамера мукъа аьзнаш хийцадалар а дукха даьржана ду нохчийн маттахь, масала:

га – гаьннаш, амма ка – кой, са – синош, цIа – цIенош, ча1 ‘экха’ – черчий, ча2 ‘чамхалгаш’ – чаш, ша1 – шаш, ша2 ‘шина пIелган юкъ, большая пядь’ – шенаш, Iа – Iаьнаш.

диг – дагарш, кхин – кхиной // кхинарой, IинIаннаш,

бос – беснаш, дос ‘дечиг’ – десаш, бохь – баххьаш,

борз – берзалой, бож – бежалой, борш – бершалой,

мохь1 ‘йозалла, кира’ – маххьаш, мохь2 ‘дум’ – махьарш, мохь3 ‘цIогIа, аз’ – маьхьарий

гō – гонаш, дō – доьрчий, лō – лайш, мō – моьнаш

лом – лоьмаш, тIам – тIēмаш, тIом – тIемаш,

мох ‘хIуō хьекхар’ – мехаш, амма нох ‘гота, плуг’ – нахарш, хох ‘кIон орамат’ – хохаш.

мохк – мехкаш, ткъа дохк – дахкарш, ехк ‘расческа’ – ахкарш.

йукъ1 – йаккъаш, цуьнцāна йукъ2 ‘зола’ – овкъарш, мукъ – макъарш,

куй – куйнаш, амма нуй – нораш,

буц – бецаш, куц – куьцаш, нуц – нойцарий.

гIý – гIýнаш, чIý – чIýнаш // чIуōраш, йý – йýнаш // йуōраш, овраш, āраш

гIум – гIамарш, дум – дуьмеш, тIум – тIамарш, хIума – хIумнаш,

кIус ‘макушка’ – кIассаш, нус – несарий.

Бераллехь дуьйна нохчийн мотт ца бийцинчунна вуно хала хуьлу и дерриг коьрта чохь сацо. ОЦУННА ЧIОГIА ОЙЛА ЙОЙЛА ШЕН ТIАЬХЬЕ КОПАР-КЕРСТА ХИЛИЙТА ЛУУШ ВОЦЧО.

ТIаьххьара билгалдаккха деза, нохчийн маттахь кхин а хьалхарчу легаран нийсайоцу вариант а хилар. Цу юкъадогIу цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь -ца чаккхе йолу, амма доланиг, хотталург, дустург дожаршкахь цхьаллин-дуккхаллин терахьан цхьатера форманаш йолу цIердешнаш, масала:

ЦI. хи хиш

Дл. хин хин

Л. хина хишна

Др. хино // хиэ хиша

К. хица хишца

Х. хих хих

М. хине хишка

Дс. хил хил

ЦI. ча чаш

Дл. чан чан

Л. чана чашна

Др. чано чаша

К. чаца чашца

Х. чах чах

М. чане чашка

Дс. чал чал

Иштта легало кхин а кIа, ха, ша дешнаш.

Тахана дуьне мел ду дIасабаьржина нохчий. Латинийн йоза лелочу махкахь нисбеллачу нохчашна латинийн йоза атта хета тарло, царна лерана лакхахь ялийна байт латинийн элпашца язйо оха. Варий, варий, варий, шайна а, шайн доьзалшна а и дагахь Iаморехь ледарлой, малой ма елаш! Шайн аьллар тIера шайн доьзалхой дабойлча, тIаьхьа хир ду шуна!!!

Duōzharijn xattarsh ‘āmuōn bajt

Mila vu? Hun ju? – liēguōvālа.

ħēnan, stiēnan surt du, āla.

ħаnna, stienna du vaj rēza?

ħan, stiēn vajna ghodan diēza?

ħänca, stienca mettig xüjcu?

ħannax, stiēnax läcna düjcu?

ħänga, stienga ħovsar du?

ħānnal, stiēnal ghōliē du?

Masalā:

Mila vu? Hun ju? – liēguōvālа (kuor – kuōrash du).

ħēnan, stiēnan surt du, āla (kuōran – kuōrijn surt du).

ħаnna, stienna du vaj rēza? (kuōrana – kuorashna du vaj rēza).

ħan, stiēn vajna ghodan diēza? (kuōruo – kuōrasha ghodan dieza).

ħänca, stienca mettig xüjcu? (kuōraca – kuōrashca mettig xüjcu).

ħannax, stiēnax läcna düjcu? (kuōrax – kuōriex läcna düjcu).

ħänga, stienga ħovsar du? (kuōre – kuōrashka ħovsar du).

ħannal, stienal ghuōliē du? (kuōral – kuōriel ghuōliē du).

3